• VTEM Image Show


Гайсултнов Iумар
Арсанукаев Iабдулла

ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980)

Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна  язъечу  яздархойх хьалхарниг вара иза. ХХ бIешеран 50–80 шерашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кест-кестта арайовлура яздархочун произведенеш.

Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь  ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна  дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара.


Гадаев Мохьмад-Салахь
Арсанукаев Iабдулла

ГАДАЕВ МОХЬМАД-САЛАХЬ (1909 – 1972)

ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн литератури юкъа веана кхечарах тера доцуш, билггал шен  исбаьхьаллин хатI долу, шен билггал мукъам болу поэт Гадаев Мохьмад-Салахь. Яздан волавелла дукха хан ялале поэтан цIе шуьйра евзина литературехь. Цуьнан кхолларала тахана а уггар мехалчарах ю нохчийн поэзехь.

Нохчийн поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909 шеран 10-чу декабрехь Нажин-Юьртан районерчу Чуьрча-Ирзехь ахархочун Гадин доьзалехь. Герггарчу хьесапехь 1924 шарахь ГадаевгIеран доьзал Гезлой-эвла кхелхина бахна. Оцу юьртара ворхIшеран школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1928чу шарахь Ростов-гIала рабфаке деша вахна иза. Цигахь кхиам-ца дешна. Рабфакехь доьшучу хенахь программица йогIучул совнаха  дукха литература ешна Гадаев Мохьмад-Салахь. 


Арсанов СаьIид-Бей
Арсанукаев Iабдулла

АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ (1889 – 1968)

Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.

Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь.  ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь  дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.


Ахматова Раиса
Арсанукаев Iабдулла

АХМАТОВА РАИСА (1928 – 1992)

Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн, узбекийн, хIирийн,  эрмалойн меттанашкахь зорбатохарал совнаха  арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, Iаьрбийн, болгарийн, венгрийн, хиндин, урдун меттанашкахь. Нохчийн къоман литература шуьйра йовзийтарехь мехала хилла, кхиболчу баккхийчу нохчийн яздархойн кхолларалла санна, Ахматова Раисин поэзи а.

Ахматова Раиса йина1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь. Солтмурда деникинцашна дуьхьал латтийнчу къисамехь дакъалаьцна. Соьлжа-ГIалахь лаьттинчу бIединан тIамехь а хилла иза. Раисин дай ШаIмин-Юьртара схьабевлла. Кхелхина бахна, цхьана муьрехь Закан-Юьртахь а  Iийна АхматовагIеран доьзал.


Айсханов Шамсуддин
Арсанукаев Iабдулла

АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН (1907– 1938)

Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран 30-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. 1931-чу шарахь яздина цо «КIайн котам» цIе йолу шен дуьххьарлера дийцар. Дика кхиам хилира оцу произведенин. Дуьххьарлерчу кхиамо дог айъира къоначу яздархочун. КхидIа цо тIевирззина болх бо литературехь. КIеззигчу хенахь (Айсханов Шамсуддинан литературехь кхоллараллин мур 7-8 шо бен ца хилла) цо язйина 30-чу шерашкахьлерчу къоман литературехь тоьллачарах йолу поэзин а, прозин а, драматургин а произведенеш. Зорбанехь арайийлина цуьнан пьесаш, поэзин сборникаш, дийцарийн, очеркийн книгаш. Театран сцени тIехь хIиттийна цуьнан драматургин произведенеш.