• VTEM Image Show


Анзорова Балкан
Арсанукаев Iабдулла

АНЗОРОВА БАЛКАН (1923 – 1997)

ДIадаханчу бIешеран 30–40-гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан – эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа кожанка а юьйхина, когахь юткъа хаза эткаш, хаьнтIехь жима зударийн тапча лелош йолу Анзорова Балкан шайн цIера пайтонахь арайолуш леррина цуьнга хьовса доьлхура шаьш бохуш, дийцина 1930-1940-чуй шерашкахь шен беран хенахь Хьалха-МартантIахь Iийначу Нохч-ГIалгIайн университетан профессора Лоов Инала.

Анзорова Балкан йина 1923 шеран 24 декабрехь (1919 шарахь йина аьлла яздина меттигаш а ю, иза нийса хила тарлуш ду) Хьалха-МартантIахь ахархочун Анзоран доьзалехь. Церан дай Девлитгийр-эвлара хилла, цигара Хьалха-МартантIа кхелхина баьхкина уьш.


Авторханов Iабдурахьман
Арсанукаев Iабдулла

Авторханов Iабдурахьман (1908-1997)

Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна. Шен дагалецамашкахь автора яздо: «…я родился Бог весть когда, что-то между 1908 – 1910 годами» (Мемуары. 1983). Делахь а цуьнан дахарх лаьцна яздечохь массанхьа лелош дерг 1908 шо ду.

Юьхьанца шайн юьртарчу хьуьжарехь дешна Авторханов Iабдурахьмана. Оцу хенахь Нохчийчохь школаш башха дукха а ца хилла. Лаха-Неврехь халкъан хьехархочо, серлончас Хакишев Солтас схьайиллинера школа, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь дешар долуш.


Бадуев СаьIид-Салихь
Арсанукаев Iабдулла

Бадуев СаьIид-Салихь (1903 – 1938)

Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: «ТаьIно бIаьргаш долуш, даим, цхьана хIуманан кIорггера ойлаеш санна, хабийна хьаьжан юкъ а йолуш, юккъерчу дегIахь волу иза къамелана башха тIера вацара. Къамелдеш волчунна тамана наггахь дош алар, вела къажар бен, ша дукха лен хууш а, я и дезаш а вацара. Амма иза доккха похIма долуш, башхачу корматаллин стаг вара. Шен халкъан ирсехьа, и ирс сирла а, дуьззина а хилийтарехьа дIахьочу къийсамехь кIадо йоцуш а, майра а вара». Шен кхоллараллин корматалла халкъан хьашташна дIаеллачу яздархочун дахар дуьнен чуьра иза дIаваларца кхачалуш дац.  Цуьнан  исбаьхьаллин  дош,  шен маьIнийн керла агIонаш гучу а йохуш, халкъа юкъахь деха. Ишттачарах ву нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаьIид-Салихь.