• VTEM Image Show


ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ

На Фото Чентиева Марьям

 

 

Арсанукаев lабдулла

ЧЕНТИЕВА МАРЬЯМ (1916 – 2000)

Чентиева Марьям йина 1916 шеран март баттахь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартан тIехь ахархочун Джадцин доьзалехь. Асланбековски (хIинца Серноводск) школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов Iабдурахьмана а, Мамакаев Мохьмада а. Чентиева Марьямца цхьаьна доьшуш хилла яздархочун Исаева Марьяман йоI Зоя, хIинц-хIинцалц респуликин медицински училищехь директор болх бина йолу. Цо дийцина, оцу хенахь иттех шо долу Марьям, дика доьшуш а йолуш, массаьрца а ийна, самукъане, хаза йоI яра, бохуш.

1930-чу шерашкахь Москвахь Центарльни научно-исследовательски педагогически институтан аспирантурехь дешна Чентиева Марьяма. Цигахь цхьаьна доьшуш вовшийн девзийна Марьям а, Магомаев Хасмохьмад а («Серло» газетан редактотр а, цул тIаьхьа къоман театран директор лаьттина волу Нохчийчохь дика вевзаш хилла юкъараллин деятель). I934-чу шарахь  Марьям Магомаев Хасмохьмаде маре яхара. Москвахь Садово-Спасски  урамехь Iийна и шиъ. Цаьргахь кест-кеста вовшах кхеташ хилла Москвахь доьшуш болу нохчийн студенташ, аспиранташ, белхан гIуллакхана командировке баьхкина белхахой.


Махмаев Жамалдин

На Фото Махмаев Жамалдин

 

 

Арсанукаев lабдулла

Махмаев Жамалдин (1939 – 2014)

Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал Казахстанан Джамбульски областан цхьана жимчу Амангельды цIарах йолчу юьртахь совцийна. Цигахь казахийн маттахь 5 класс чекхъяьккхина Жамалдис. Цул тIаьхьа кхелхина кхечу юьрта дIабахна МахмаевгIара, цунна гена йоццуш йолчу Новотроицки юьртара юккъерчу школехь казахийн маттахь 9 класс чекхъяьккхина. 10 классехь деша волавелла дукха хан ялале, даймахка цIа бахка паргIато а яьлла, шайн юьрта БердакIела юха цIабирзина МахмаевгIеран доьзал. Жамалди 1957 шарахь шайн юьртарчу «Советская Россия» колхозе балха вахна. 10 класс чекхъяьккина 1960 шарахь Соьлжа-ГIаларчу заочни школехь доьшуш. 1958 шарахь Грозненски районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан корреспондент вахийтина Жамалдин.


МАМАКАЕВ ЭДУАРД
На Фото Мамакаев Эдуард

Абдулла Арсанукаев.

МАМАКАЕВ ЭДУАРД

Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало лаьцна чу а воьллина, 10 шо хан тоьхна сибрехь хьажийна. Шен ден ненаца Iаш хилла жима Эдуард,  иза а кхелхина висча, шен ден йишас кхиийна. Нохчийн къам махках даьккхича, Казахстанан Джезказгански областан Нурински районехь Iийна Эдуард. ЦIийнда а кхелхина йисинчу ден йишас Тамарас шен пхеа бераца цхьаьна хьалакхиийна иза. Эдуарда доккхачу баркаллица дагалоцу шен ден йиша. Школехь 5 классехь доьшуш волуш, «Горы, я люблю вас» цIе а тиллина ша язйина стихотворени хьехархочунна гайтина Эдуарда. Шерачу аренца Iуьллучу юьртахь вехачу кIантана лаьмнаш дагадахкар шен даймахке сатийсар хилла. БархI могIанах лаьтташ йолу и жима стихотворени хьехархочо то а йина, школехь арахоьцучу пенан газета тIе тохийтина. БархIалгIачу классе ваьлча-м кIанта шен стихотворенеш Алма-Атахь арадолучу газете а яхьийтина.  Оьрсийн маттахь язйина Эдуарда шен бераллин стихотворенеш. Поэтан кхолларалла-м нохчийн маттахь ю.


КИБИЕВ МУСБЕК
На Фото Кибиев Мусбек

Абдулла Арсанукаев.

КИБИЕВ МУСБЕК (1937 – 1997)

Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан  лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан  гIуллакхийн тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина хилла. Цхьана муьрехь Веданан райисполкоман председатель а лаьттина иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь дукхаха йолу хан Киргизехь яьккхина КибиевгIеран доьзало, Фрунзе гIалина гена йоцчу Кара-Балты юьртахь Iийна уьш. Мусбекан да Мохьмад  ша йоза-дешаран маьIна хууш хиларе терра,  кIанте дешийта гIиртина. Амма нохчийн къомана тIехь лаьттинчу бохамаша оцу хенахьлерчу кегийрхойн дешарехь а, дахарехь а аьттонаш кхуллуш ца хилла. Аьттонаш кхуллуш ца хилла аьлча-м, дукха дайн хуьлу иза, массо агIора аьттонаш бохийна хилла-кх.     


ДИКАЕВ МОХЬМАД
На Фото Дикаев Мохьмад

Абдулла Арсанукаев.

ДИКАЕВ МОХЬМАД (1941 – 1979)

Дикаев Мохьмад вина 1941 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь искусствон белхахочун Джунидан доьзалехь. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн къоман композиторца Димаев Iумарца цхаьна пондар локхуш а хилла иза. Дикаев Мохьмадан дай схьабевлла Соьлжа-ГIалина гена йоццуш малхбалехьа Iуьллучу нохчийн юьртара БердкIелара.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанехь Чу станцехь Iийна ДикаевгIеран доьзал. Цигахь 1949 шарахь хьалхарчу классе деша вахна Мохьмад. Юккъера школа чекхъяьккхина Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь 1959 шарахь. Иза Соьлжа-ГIалара 18 школа яра. Оццу шарахь деша вахна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхучу отделени. ТIех дика доьшуш институт чекх а яьккхина, аспирантуре хIоьттина фольклорехула йолу Iилманан говзалла караерзо.