• VTEM Image Show


Ирезиев Сайд-Хамзат Саид-Эминович, доцент кафедры чеченской филологии ФГБОУ ВО «Чеченский государственный университет».

Г1ОЬНАН ХАНДОШ ДИТАН Т1ЕКХЕТАРЦА КХОЛЛАДЕЛЛАЧУ СХЬАДЕВЛЛАЧУ ХАНДЕШНИЙН Х1ОТТАМЕХЬ КАРАРЧУ ХЕНАН ТОБАН КЕПАШ КХОЛЛАЛУШ ФОНЕТИЧЕСКИ ПРОЦЕССАШ

Аннотаци: Статья т1ехь теллина дитан г1оьнан хандош т1екхетарца кхолладеллачу схьадевллачу хандешнийн х1оттамехь карарчу хенан тобан кепаш кхоллалуш кхочуш хуьлуш йолу фонетически процессаш. 1илманчийн сецна баьлла цхьа барт бац оцу хандешнийн карарчу хенан кепаш кхоллаяларехь хуьлуш йолу фонетически процессаш билгалъяхарехь. Х1окху балха т1ехь билгалдаьккхина дитан г1оьнан хандош т1екхетарца кхолладеллачу схьадевллачу хандешнийн карарчу хенан тобан кепаш кхоллалуш кхочушхуьлу регрессивно-дистанционни ассимиляции процесс, и бахьана долуш мукъа аьзнаш х1окху кепара хийцало а→о, â→оа, ā→ō, и→уь, ū→ȳь, иe→уоь, иē→ȳōь,aй→oй.


Ирезиев Сайд-Хамзат Саид-Эминович, доцент кафедры чеченской филологии ФГБОУ ВО «Чеченский государственный университет».

НОХЧИЙН, Г1АЛГ1АЙН МЕТТАНАШКАХЬ А, НОХЧИЙН МЕТТАН ДИАЛЕКТАШКАХЬ А СХЬАДОВЛАЗЧУ ХАНДЕШНИЙН Х1ОТТАМЕХЬ ХЕНИНЙ КЕПАШ КХОЛЛАЛУШ МУКЪАЗЧУ АЬЗНИЙН Г1ЕЛДАЛАР

Аннотаци: Статья т1ехь йийцаре йохкуш ю нохчийн г1алг1айн меттанашкахь схьадовлазчу хандешнийн х1оттамехь хенийн кепаш кхоллалуш мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процессийн башхаллаш. Балха т1ехь даладо нохчийн, г1алг1айн меттанийн гергарчу бацойн меттан а, нохчийн меттан диалектийн а масалш. Статья т1ехь далийначу масалша гойтуш ма-хиллара, нохчийн литературни маттахь хандешнийн х1оттамехь хенийн кепаш кхоллалуш, г1алг1айн маттахьчул а шуьйро яьржина ю мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс. Хандешнийн хенийн кепаш кхоллалуш, мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс кхочушхилар бахьана долуш х1ара сурт х1утту (а+й→иē, уō←a+w(←б, д).


Абдулла Арсанукаев

ГАЦАЕВ САЬIИД (1938 – 2012)

gacaev saidТкъолгIачу бIешеран 50-гIа шераш чекхдовлучу – 60-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь нохчийн литературе баьхкира исбаьхьаллин похIма долу кегийрхой: Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Курумова Селима, Хасбулатов Ямлихан, Дикаев Мохьмад, Кусаев Iадиз, Рашидов Шаид, Кибиев Мусбек, Окуев Шима, Сатуев Хьусейн,  Махмаев Жамалди, кхиберш а. Хан яларца исбаьхьаллин дешан говзанчаш а хилла дIахIиттира уьш. Царах хIоранна а кхолларалла нохчийн литература кхидIа а кхиарехь мехала хилира. Церан произведенеша къоман литература теманашца, ойланашца, жанрашца, мукъамашца шорйира, исбаьхьаллин лакхарчу тIегIане яьккхира. Оцу яздархойн нуьцкъалчу тобанах вара Гацаев СаьIид а. 


Акаев В.Х., заведующий лабораторией этнопедагогики ИРО ЧР, доктор философских наук, профессор

Чеченский алим Магомед-Башир-Хаджи Арсанукаев

"Если бы мне физическое здоровье позволило, то я непременно поехал бы учиться, чтобы пополнить свои знания" Слова муфтия М.-Б. Арсанукаева, произнесенные им в возрасте 80 лет.

1. Духовное становление и репрессии власти

ars1Магомед-Башир Арсанукаев – известный чеченский богослов, алим, как принято называть в местной религиозной традиции. Родился он 10 марта 1913 года в селе Алхан-Юрт Урус-Мартановского района Чечни в семье Тасу-муллы Арсанукаева (1880-1943), известного на Северном Кавказе богослова. В Алхан-Юрте Тасу имел медресе (хьуьжарш), где обучались муталимы из Чечни, Ингушетии и Дагестана. Тасу, сын землепашца и сельского лекаря Арсанака из Алхан-Юрта, религиозное образование начал у Ибрагима-хаджи Гойтинского, затем, по просьбе Хака-муллы из Урус-Мартана, перешел обучаться в его медресе, где завершил свое духовное образование. Как утверждает предание, местным муталимам не понравилось, что более способного, чем они ученика, переводят к ним. Когда об этом стало известно Хаке-мулле, он заявил, что недовольные могут покинуть медресе. 


Абдулла Арсанукаев

АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005)

abuzah-aydamirovАйдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан а оьзда кIант, гIараваьлла вевзаш а, лоруш а волу яздархо, публицист, юкъараллин деятель, баккхийчара а, кегийчара а лоруш а, сийдеш а волу хьехархо! Вайн веза-воккхачу АллахIа хьайна комаьрша деллачу похIмица ахь йоккха хазна йиллина нохчийн къоман литература кхиоран гIуллакхана юкъа. Книгашъешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадош тIеэцна хьан «Нена дог», «Винчу лаьмнашкахь», «Лаьмнашкахь серло», иштта кхийолу произведенеш а.