• VTEM Image Show

Абдулла Арсанукаев

АЙДАМИРОВ АБУЗАР (1929 – 2005)

abuzah-aydamirovАйдамиров Абузар вина 70 шо кхачар даздечу суьйренехь нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис элира: «Хьоме Абузар, ас даггара декъалво хьо, нохчийн къоман а, нохчийн мехкан а оьзда кIант, гIараваьлла вевзаш а, лоруш а волу яздархо, публицист, юкъараллин деятель, баккхийчара а, кегийчара а лоруш а, сийдеш а волу хьехархо! Вайн веза-воккхачу АллахIа хьайна комаьрша деллачу похIмица ахь йоккха хазна йиллина нохчийн къоман литература кхиоран гIуллакхана юкъа. Книгашъешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадош тIеэцна хьан «Нена дог», «Винчу лаьмнашкахь», «Лаьмнашкахь серло», иштта кхийолу произведенеш а.

 Къаьсттина ала лаьа нохчийн къомо нийсонехьа, шен маршонехьа дIабаьхьначу бIешерийн къийсамах лаьцна язйинчу, нохчийн исбаьхьаллин прозин лакхенаш хилла дIахIиттинчу «Маршонан цIарах» цIе йолчу повестах, «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц»  цIерш йолчу исторически романех. Нохчийн литературехь баккхий кхиамаш бахарна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а хьуна, хьакъ а йолуш, тиллина сийлаллин цIе – «Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан яздархо». Иштта лаккхара мах хадабо нохчийн къоман культурехь Айдамиров Абузаран дахаран а, кхоллараллин а.

Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран 29 октябрехь Ножи-Юьртан районерчу Мескетахь ахархочун Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терхьа 1933 шо билгалдаьккхина ду, иза сибрехьахь долуш спецкомендатурехь дIаяздина нийса доцу терхьа хилла). Нохчийн ширчу юьртахь, исбаьхьчу Iаламехь  дIадахна яздархочун бералла. Деша а, яздан а школе вахале Iемина цунна, шел баккхийчу вежарша а, йишас а йоза-дешар Iамош. Цундела хьалхарчу классехь деша волавелча, дукха хан ялале, дика хууш ву аьлла, шолгIачу классе ваьккхина. Иштта кхоалгIачу классера а, иза чекх а яккхале, йоьалгIачу классе ваьккхина. Цу тайпана дика доьшуш ворхIшеран школа шайн юьртахь чекхъяьккхина хинволчу яздархочо. 

Айдамиров Абузаран йоIа яздархочо Айдамирова Машаран шен «Айдамиров Абузаран дахар а, кхолларалла а» цIе йолчу книги тIехь яздо: «Абузаран да лаккхара бусалба динан Iилма Iамийна вацара, амма баккхийчу Iеламнахаца хаддаза уьйраш латтийна, кIорггера хаарш долуш вара. Цунна дагахь хаьара КъорIанан дуккха а сураташ, Пайхамаран (Делан салам хуьлда цунна) хьадисаш, эвлаяийн Iер-дахарх лаьцна дийцарш а. Йоккха поэзи корматалла яра цуьнгахь. Нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь назманаш язйора цо. Нохчийн маттахь дагахь «Лейла, Меджнун» поэма йоьшура цо. Ша язйинарш а, кхечеран а назманаш дIаолура. Назманан дешнашка а, чулацаме а хьаьжжина мукъам а, аз а хуьлура цуьнан: дог ойуш, дог делхош, самукъане, бIаьхаллин а». 

Шен деца дукха хан ца яьккхина Абузара, хIетахьлерчу Iедало доьналла долу нах лоций,  чу бохкара. Iабдул-Хьаькам а лаьцна, сибрех вахийтина. Лаьцначохь бархI шо а даьккхина Iабдул-Хьаькам цIавеанчу кхоалгIчу дийнахь кхелхина Абузаран нана Яхарг. Цу тайпана, да-нана цхьаьна а долуш, царах марзо  эцар ца хилла жимачу Абузара. 

Нохчийн къам махках даьккхича, шайн кхиболчу доьзалх а, цIийнан нахах а хаьдда, Абузаррий, цуьнан дай, дестей  Казахстанан Акмолински областан Акмолински районан Садовое олучу юьрта нисбелла. Иза Iаламат хала Iаламан хьелаш долуш меттиг хилла:  Iай шело чIогIа хуьлуш, чехка дарц долий, адамашна зенаш деш, кIоргачу лайно цIенойн неI-кор дIадукъуш. Оцу халчу хьелашкахь «Сталинская Конституция» цIе йолчу колхозехь тайп-тайпана белхаш бина 14-15 шо бен доцчу Абузаран: стерчийн готанца охана деш, хIу тосуш, мекха боккхуш, аьхка йол хьокхуш, цунах  раьгIнаш еш, Iай бежнашна докъар тIекхоьхьуш. Иштта жимчохь дIаболабелла Айдамиров Абузаран къинхьегаман некъ. 

1946 шарахь Киргизин Джалал-Абадски областан Каравански районерчу Успеновка юьрта шайн нахана тIе дIавахна Абузар а, цуьнан да а. Кхузахь юьхьанца колхозехь прицепщикан болх бина Абузаран, цул тIаьхьа бригадехь учетчик хIоттийна иза. Абузар деша лууш хилла. Учетчикан болхбарца цхьаьна шозлагIа а 7 классе деша вахна иза Успеновкерчу оьрсийн школе. 8 классе дIа ца эцна ворхI чекхъяьккхина кехаташ цахиларна. Литература езаш, исбаьхьаллин произведенеш дукха йоьшуш  хIара хилар билгалдаьллачу школан директора 7 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, кхунна гIуллакхна, школан библиотекарь хIоттийна  Абузар. Цигахь цхьана шарахь эха шарахь болх бинчул тIаьхьа Успеновкерчу «Т. Шевченко» цIарахчу колхозе коьртачу бухгалтера заместитель вохуьйту иза. Пишпекерчу юьртабахаман техникуме бухгалтера говзалла караерзочу отделени заочно деша а вахна, пхи курс чекхъяьккхина цо. 1956 шарахь Сулюкта гIала дIавахана Абузар, цигахь экстерно экзаменаш дIа а елла, чекхъяьккхина юккъера школа. 

Хийрачу махкахь, халчу хьелашкахь жимчохь дуьйна къахьегна Айдамиров Абузара. Тайп-тайпанчу нахана юккъе нислуш, хало а, атто а ловш, дахар, къинхьегам, къинхьегаман адамаш довза таро хилла цуьнан. Шеко яц яздархо кхиарехь, адамашца, дахарца йолу цуьнан шовкъаш кхоллаяларехь и дерриге шен маьIна долуш хиларан.       

ПаргIато а яьлла нохчийн къам даймахка цIадоьрзачу хенахь, 1957 шарахь, шен юьрта Меската цIа а веана, ворхIшеран школе историн, нохчийн меттан, литературин хьехархочун балха вахна Айдамиров Абузар. Соьлжа-ГIалахь 1958 шарахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекхъяьхна. Оцу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультете заочно деша а вахна, историн хьехархочун корматалла караерзош, институт чекхъяьккхина 1963 шарахь. 

Мескетарчу ворхIшеран школехь цхьана шарахь хьехархочун болх бинчул тIаьхьа Айдамиров Абузар оцу школан директор хIоттийна. Ткъе итт шарахь гергга болх бина цо оцу даржехь. Школан куьйгалхочун болх цо кхиамца бина хилар гойтуш ю цунна техкина сийлаллин цIерш а, делла  пачхьалкхан совгIаташ а: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н школийн сийлахь хьехархо», «РСФСР-н серлонан отличник», «СССР-н серлонан отличник», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан хьехархо», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н сийлахь гIуллакхъхо»,    «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден. КПСС-н  Нажи-Юьртан райкоман декъашхо а, районан советан депутат а хаьржина иза дукхазза а. 1989 шарахь СССР-н халкъан депутат а хаьржина. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин  Iилманийн академин сийлахь академик а вара иза. 

Школехь болхбар Айдамиров Абузара хаддаза дIахьора исбаьхьаллин литературехь къахьегарца цхьаьна. Шен яздаран корматалла лакхаяккхархьама Москвахь Горькийн цIарахчу литературни институтехь шина шеран литературин лаккхарчу курсашкахь дешна цо.

Айдамиров Абузаран произведенеш зорбанехь арайовла юьйлаелла 50-гIа шераш юккъе даханчу хенахь. ХIетахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето кест-кеста кечйора литературни агIонаш. Оцу газета  тIехь араевлла яздархочун дуьххьарлера произведенеш: стихотворенеш, дийцарш. 1956-чу шеран 30-чу ноябрехь газето зорбатуьйхира цIe яххана болчу нохчийн, гIалгIайн яздархойн произведенешца цхьаьна хIетте яздан волалуш волчу Айдамиров Абузаран «Лермонтовн безамна» цIе йолустихотворени. Иза яздархочун дуьххьара зорбане евллачу произведенех ю. Ларамаза дац къоначу поэтан дуьххьарчарах йолу стихотворени сийлахь-воккха оьрсийн поэт дагалоцуш язйина хилар, М.Ю. Лермонтовн дахар а, цуьнан кхолларалла а шен дуккха а агIонашца Нохчийчоьнах йозаелла ю. И стихотворени юкъаяхара 1962-чу шарахь Грозный гIалахъ араяьллачу Айдамиров Абузаран "Винчу лаьмнашкахь" цIе йолчу поэтически книгина. Тайп-тайпана чулацам бу"Винчу лаьмнашкахь" книги тIерачу произведенийн. Алссам ю цу тIехь заздоккхучу Даймахках воккхавечу, халкъа, махка дуьхьа ваха луучу лирически турпалхочун ойла гойту стихотворенеш: 

Лаьар-кха caйн оьмар
Жимма яхлойла,
Хьомечу халкъана,
Махкана ваца… 

И дешнаш къоначу яздархочун ша-шега болу кхайкхам а хилла ца дисира, Айдамиров Абузаран дерриг дахар хилира халкъан, мехкан хьашташка дIахьажийна.

 «Винчу лаьмнашкахь» цIе йолчу книги тIехъ зорбатоьхна яра стихотворенеш: «Даймохк», «Винчу ломахь», «Бералла», «Ненан мотт», «Яьссин тогIехь», «ХIай буьйса…», «Африке», «Лермонтов безамна», «Александр Казбеги», «Хьайна езахь», «Юха а хьоьга», «Бехк ма билла» дуккха а кхиерш а. Оцу вай ялийнчу стихотворенийн цIершца а гучуболу книгин шуьйра чулацам. Шен лаамашца оьзда вупоэтан лири­чески турпалхочун. Дахарерчу дуккха а гIуллакхийн ойлайойту автора шен стихаш йоьшучуьнга. Кхузахь ала догIу А. Айдамировн цхьайолу стихотворенеш, гоч а йина, гIалгIайн а, оьрсийн а, ткъа иштта испански а меттанашкахь зорбатоьхна хилар. «Винчу ломахь», «ХIай буьйса», «Даймохк» стихотво­ренеш нахана езаш йолчу эшаршка йирзина.

Айдамиров Абузар поэзехь дукха ца сецаш прозе ваьлла. Амма яздархочу цхьайолу прозаически произведенеш шайн орамаш цуьнан стихотворенешкахь долуш ю. Буьртигах зIийдиг хоьций кхуьу ялта санна, оцу стихотворенешкахь йолчу теманех, идейх кхоллаелла хетало яздархочун  цхьайолу повесташ, дийцарш, статьяш.

Гонахарчу дахарера проблемаш хIиттайо яздархочо шен дуьххьарлерчу прозаически произведенешкахь. Дешархоша а, критико а дика тIеийцира «Ненан дог» (1961), «Генарсолтийн «хьуьнарш» (1965) цIерш йолу книгаш.   Вайнехан доьзалехь, юкъараллехь зудчун сий лардаре кхойкху автор. Оьздангаллица, гIиллакхца, вовшийн ларарца   кхолла еза доьзалехь юкъаметтигаш боху цо. Дахарехь шена хьакъйоллу меттиг   дIалоцуш, новкъагIертачарна, зуламхошна дуьхьало еш зуда хила езар а гойту автора. Шен цхьана стихотворени тIехь Айдамиров Абузара яздо: «Хьо яц-ткъа, махкана къонахий белларг, Техкийнарг вайн халкъан турпалхойн ага!». Авторан деган йовхо шайца йолу и дешнаш «Ненан дог» повестан турпалхочунна Курсамна тIедогIуш а ду. Курсам шен сий лардийр долуш ю, шен бакъонаш лаха хуур долуш а ю. Повестан персонажех хIора а шен ойланца, амалшца, буьйцачу маттаца къаьсташ ю. Сатирически басаршца кхоьллина ямартхочун СаIида а, цунна тIаьхьа йозачу Асетан а васташ. 

Айдамиров Абузаран сатирически корматалла къеггина гучуйолу «Генарсолтийн «хьуьнарш» цIе йолчу дийцарийн гулар тIехь. «Генарсолтийн «хьуьнарш», «Жуккаран мекарло», «Анонимка» дийцарш ду цу тIехь зорбатоьхна. Яздархочо Iаьржа басарш ца кхоош Iорабаьхна курхаллаш деш, ямартлонаш лелош, шаьш къа а ца хьоьгуш нехан хьакъ шайн хьашташка хьежо гIерташ лела нах. Билгалдаккха деза и тайпа нах автора къинхьегамхойх, халкъах дIакъаьстина гайтина хилар. ТIаьххьаре а шайна хьакъдоллучу жоьпалле озабо уьш. Шен произведенешкахь адамийн ледарлонаш Iораяхар яздархочо кхочушдо юьртахойн хьанал къинхьегам гайтарца цхьаьна, къинхьегамхойн комаьрша дог-ойла, церан амалш гайтарца. «Генарсолтийн «хьуьнарш» книги тIерачу дийцаршкахь автора хIоттайо кхин цхьа мехала проблема а – доьзал кхиорехь ден-ненан жоьпалла.

Яздархочун «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Тхан эвлахь» (1966), «Лаьмнийн некъашкахула» (1975) цIерш йолчу книгаш тIера дукхаха йолу произведенеш а яра юьртан дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш вара. Юьртан дахар - цуьнан дахар дара. Юьртахойн дезарш − цуьнан дезарш дара. Яздархочунна дика бовзара юьртахойн кхиамаш а, иза дика кхетара церан халонех а. Цуьнан произведенешкара гIуллакхаш   авторан фантазино кхоьллина дацара,уьш гонаха кхехкачу дахарера схьаэцна дара. Оцу дахарна юккъехь вара автор, юьстах лаьтташ вацара. Цуьнан исбаьхьаллин произведенеш йоьшуш царна тIepa турпалхой шайн Iер-дахарца, шайн гIиллакхашца-гIуллакхашца, ойланашца, леларшца яздархочунна юххера девзаш долу адамаш хетало. Церан амалшкара оьзданиг, сийлахьниг чIагIдо автора, айпечуьнца, сийсазчуьнца къийсам латтабо.  Юьртан дахар гойтучу произведенешкахь яздархочо къинхьегаман стеган белхан хьуьнарш, деган дикалла, нахаца цуьнан йолу оьзда юкъаметтигаш гайтарца иза вазво, цунна хастам бо. Малончашна, жуккаршна, тайп-тайпана курхаллаш деш лелачарна дуьхьал луьра къийсам латтабо церан ма-дарра долу юьхь-сибат, харц Iалашонаш Iораяхарца. Иштта ю яздархочун оцу темица йолу повесташ, дийцарш, очеркаш. «Лаьмнийн некъашкахула» дийцарийн гулар тIехь яра «Шемалан леламаш» цIе йолу исторически хроника а. Цу тIехь яздархочо  бакъдолчийн буха тIехь йовзийтира Шемалан леламашца йозаелла йолу халкъан историн агIонаш. Коьрта долчунна и исторически хроника бахьана долуш боккха кхиам хилира оцу книги.

Хьалхо араяьллачу шен цхьана статья тIехь Айдамиров Абузара яздора: «Сан литературни кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу историко-революционни тематико. ХIетте а юкъа-кара аса вайн заманхойх − колхозан ахархойх, юьртан интеллигенцех лаьцна повесташ, дийцарш, очеркаш язйина. Царах хаьдда Iен ойла яцсан тIейогIачу хенахь а. Юьртахь вехачу суна гергара ю и тема».  Шен заманхойх лаьцна, шен заманан проблемаш хIиттош яра автора 1981 – 1985 шерашкахь язйина «Ирхеш» роман. Иза зорбанехь араелира 1986 шарахь. Цу тIехь гайтинера республикехь социально-экономически а, гIиллакх-оьздангаллин а хьелаш талха доладалар. Ма-дарра альча, Нохч-ГIалгIайчоьнах хьакхаелла социально-экномически кризис а, къоман гIиллакх-оьздангалла лахлуш хилар а гайтира яздархочо шен керлачу роман тIехь. И проблемаш автора нийса хIиттийна хилар гучуделира цул тIаьхьа хье ца луш республикехь дIадуьйладеллачу бохамечу гIуллакхаша.

Айдамиров Абузаран кхоллараллехь коьртаниг исторически тема ю. Цо язйина «Шемалан леламаш» цIе йолу исторически хроника, «Маршонан цIарах» роман, «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романех лаьтта трилоги, оьрсийн маттахь «Хронология истории Чечено-Ингушетии», кхиерш а.

Хьалха арахецначу «Лаьмнашкахь серло» книги тIехь дийцаршца цхьаьна зорбатоьхна яра «Маршонан цIарах» цIе йолу исторически повесть. Оцу повесть тIехь кхидIа а болх бина, цуьнан чулацам шорбеш романан жанре а ерзийна, 1968 шарахь ша къастийна арахийцира «Маршонан цIарах» роман. XIX бIешеран шолгIачу эхехь халкъан паргIатонехьа паччахьан Iедална дуьхьал латтийна къийсам гойтуш яра роман.  Цухенахь Нохчийчохь хилла социальни хьелаш, халкъо лайна Iазап исбаьхьаллица гайтина. Говза кхоьллина роман тIехь коьртачу турпалхочун Iелин васт. Адамаш цуьнга ладугIуш ду, уьш цунна тIаьхьа хIуьтту. Къехойн маршонехьа болчу къийсамна шен дахар дIаделла турпалхо ву Iела. Iела санна, халкъана чу садиллина ву Аьрзу а, Чора а. Алссам хиламаш чулоцуш яра роман. 

«Маршонан цIарах» романан бух тIехь, цуьнан чулацамехь дерг кхидIа а шордеш, кIаргдеш язйина ю Айдамиров Абузаран трилоги «Еха буьйсанаш» (1972), «Лаьмнашкахь ткъес» (1989), «Дарц» (1999). Трилогин хьалхара книга «Еха буьйсанаш» зорбанера араяьлла 1972 шо чекхдолуш. Шуьйра чулацам болуш, дуккха а проблемаш къастош ю Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» цIе йолу роман. «Маршо­нан цIарах» а санна, исторически роман ю «Еха буьйсанаш» а. Амма кхузахь XIX-чу бIешеран шовзткъеитталгIий – кхузткъалгIий шерашкахьлера къоман дахар кIорггера, дуккха а агIонаш толлуш гайтина. Паччахьан Iедало шен колониальни политика дIакхехьа аьтто нисбархьама Нохчийчуьра дуккха а нах Турце кхалхийтира. Оцу исторически бакъдолчу гIуллакхаш тIехь кхоьллина автора шен романан эпически шуьйра болу чулацам. Iаламат боккха кхиам хилира цуьнан. Тираж пхи эзар экземпляр йолуш арахецна роман ши бутт баьлча туькнашкахь эца карош а яцара. Книгашъешархоша а, критико а цхьабосса дика тIеийцира. Критикаша Сулаев Мохьмада, Айдаев ЮшаIа, Туркаев Хьасана лаккхара мах хадинера цуьнан. Масала Туркаев Хьасана 1973 шарахь арадаьллачу «Орга» альмаха шолгIачу номерехь зорбатоьхначу «Халкъан кхолламах эпопея» цIе йолчу шен статья тIехь яздина: «Дуккха а шерашкахь лаьттинчу Кавказски тIеман чаккхено Къилбаседа Кавказан ламанхошна керла бохамаш бира, кийра ца тарбаллал бала беара. Халкъан историн и мур цу кеппара нисбалар шуьйра гойту архивни документаша а, историкийн белхаша а. Амма вайн исбаьхьаллин литературехь историн и кийсак хIинццалц теллина яцара, хадийна бацара цуьнан политически мах, дина дацара философски жамIаш. Дуьххьара и тайпа болх дIаболийнарг Айдамиров Абузар ву. Цуьнан хIокху деношкахь араяьллачу «Еха буьйсанаш» романехь карадо вайна цу хьокъехь идейни чулацам кIорггера болу къамел». 

Романах лаьцна оцу статья тIехь Туркаев Хьасана кхидIа а яздина: «Еха буьйсанаш роман екъало кхаа декъе. Хьалхарчу «Дагийна латта» цIе йолчу декъехь дуьйцу Къилбаседа Кавказан ламанхоша къоман паргIатонехьа латтийнчу антиколониальни къийсамах. Яздархочо бовзийта вайна Нохчийчохь иттанаш шерашкахь лаьттина къийсам, нохчийн халкъан иэшамех, бохамех дуьззина хилла дахар. Оцу буьрсачу, тIом уггар марсабаьллачу хенахь хилла тIеман-политически, социально-экономически гIуллакхаш автора ша дийцарца девза вайна, я турпалхойн кхетам бовзийтарца довзуьйту. Амма хьалхарчу декъехь а, романан кхечу шина декъехь а санна, яздархочун коьрта тидам тIехьаьвзина лаьттарг стаг ву. Цуьнан хьекъал кIаргдалар, цуьнан хьалха хиллачу дахаран цхьана дийна бакъдерг галлий бен ца хилла кхетам тIаьхьо заманан бакъдерг галла шорбелла хилар гойту Айдамировс. Иза ю романан хьалхара мехалла. ХIХ бIешарахь Кавказехь хиллачу чолхечу хенахь нохчийн халкъан дахарехь кхоллабелла прогрессивни болам а, цу халкъан социальни кхетам кIаргбалар талла хаар а хета яздархочуьнан кхиам. 

…Романан кхуьй а дакъа шайн композицица вовшашца дозуш, ХIХ бIешарахь  хиллачу исторически хиламийн дийна сурт кхуллуш ду. Шен эстетически мехаллица роман кхечу исторически романел тоьлашха яцахь а, оьшуш яц. Цо исбаьхьаллин дашца тIечIагIдо Нохчийчоь Россех дIакхетаран объективно-прогрессивни маьIна».

КхидIа шен статья тIехь критико билгалъяьхнера романан ледара хеташ йолу меттигаш: романан цхьадолчу кортошкахь еккъа цIена цхьа информаци хилар; дукхаха йолу меттигашкахь, хиллачух доцца дуьйцуш хиларна, публицистико исбаьхьаллина новкъарло еш хилар; цхьацца долчу вастийн амалшна чолхалла ца тоар; инарлийн, штабийн белхахойн вовшашца кехаташца хиллачу зIена тIера масалш оьшучул совнаха хетар; оьрсийн меттан терминаш, дешнаш тIех дукха хилар, иштта дIа кхидерг а.

Айдамирова Машара вай лакхахь хьахийнчу шен книги тIехь яздо: «Еха буьйсанаш» халкъо дика тIелацаран бахьана иза исбаьхьаллин агIор дика язйина хилар дацара. Оцу агIор юккъера мах хадо мегар дара цуьнан. Оцу хенахь нохчийн халкъана ца хаьара шен истори. «Еха буьйсанаша» цунна хьалха схьайиллира цуьнан турпалчу историн цхьа кIеззиг агIонаш, бовзийтира нохчашна цкъа а цIе йоккхуш ца хезна къоман турпалхой, халкъо шен маршонехьа бIешерийн дохалла латтийна турпала къийсам, хьегна Iазап, лайна халонаш, харцонаш. 

1865 шарахь нуьцкъах а, Iехош а махках баьхна Турце кхалхийнчу нохчийн 5000 доьзалан кхолламца гора 1944 шарахь нуьцкъах махках даьккхина, Казахстане, Киргизе кхалхийнчу халкъан декъаза кхоллам».

Юьхьанца боккха кхиам хиллачу романан тIаьхье Iаламат чолхе а, хала а хилира.

Айдамиров Абузаран 1974 шарахь Москва «Современник» издательстве яхьийтина «Еха буьйсанаш» романан подстрочник оьрсийн маттахь иза араяккхийта. Издательствос кхаа критике рецензеш язъяйтинера романна. Оцу кхааммо а роман гIеххьа хастийнера, амма кIеда-мерза, гIиллакхе билгалдаьккхинера роман зорбане яккха кийча цахилар, автора а, редактора а романан текст тIехь кхин а болх бан безаш хилар. Айдамиров Абузара мелла а хийцамаш бина, яцйина, амма коьрта чулацам, маьIна ца талхош юха а дIаяхьийтина «Современник» издательстве. ТIаккха а ца магийна «Еха буьйсанаш» зорбане. Дукхаха болчу рецензенташа романан коьрта сакхт лоруш дерг билгалдаьккхинера «Современник» издательствон куьйгалхочо В. Сорокина ша авторе даийтинчу кехат тIехь: «Наконец, несколько замечаний по роману, как мне кажется, очень важных. Автору следовало вывести вместо забитого Вассала – беглого солдата, другого русского, который был бы инициативным человеком, который мог бы вести за собой чеченцев…». Роман ара ца ялийтара коьрта бахьана и дара. Яздархочо бахара оцу муьрехьлерчу халкъан исторехь и санна дерг хилла дац, цундела шен бакъо яц и яздан, харцдерг ша яздийра дац. 

Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь а зорбане ца яккхийтира роман. КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомо дихкинера иза зорбанехь арахецар. Хьалха роман нохчийн маттахь араяьлча, цуьнан дика мах хадийна цхьаболу рецензенташ а шен ондачу тIеIамца и роман юха арахеца а, цуьнан шолгIа дакъа («Лаьмнашкахь ткъес») зорбатоха а ца магадойтуш, дуьхьал баьхнера республикин партийни куьйгалхоша. Нохчийчоь Росси пачхьалкхана шен лаамехь юкъаяхна боху концепци яра хIетахь партийни Iедало леррина хIотта а яйтина, нуьцкъах яржош. Оцу концепцина ний    сса дуьхьал яра историн бакъдолчунна тIехь язйина язхдархочун роман. Схьахетарехь, цундела зорбанехь ара ца хецийтарал совнаха, школан программаш тIера а дIаяккхийтира роман, дихкира иза дешархошка Iамаяйтар. 

Советан Iедал доха герга а дахна, коммунистически идеологин чIагIо малъелча бен зорбанехь ара ца йовлийтира нохчийн истори ма-ярра гойтуш йолу Айдамров Абузаран исбаьхьаллин произведенеш.

«Еха буьйсанаш» трилогин шолгIа книга «Лаьмнашкахь ткъес» 1877–1878 шерашкахь Нохчийчохь Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш хиллачу гIаттамах лаьцна яра. Иза зорбанехь араелира 1989 шарахь. Цунна тIаьххье 1990 шарахь шолгIа арахийцира «Еха буьйсанаш» роман а (трилогин хьалхара книга). Оьрсийн маттахь «Еха буьйсанаш» роман араяьлла Москвахь 1996 шарахь 20 эзар тираж а йолуш. Трилогин кхоалгIа книга «Дарц» а 1999 шарахь араяьлла. ХIХ бIешо чекхдолуш – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчохь хилла чолхе социально-экономически а, политически а хьелаш гойтуш йолу и роман шен исбаьхьаллин агIо дика лоруш тIеийцира трилоги юкъайогIачу вукха шина произведенел а. Литературин критика Бурчаев Хьаьлима яздо: «Калугера йийсар» повесть а, трилогин кхоалгIа книга «Дарц» а уггар лекха лакхе ю Айдамиров Абузаран кхоллараллехь. «Еха буьйсанаш» романо авторан цIе гIараяьккхинехь а, исбаьхьаллин агIор мелла а тIаьхьа ю и хIинцца вай цIеяьккхинчу шина произведенел… Ткъа «Дарц» романан коьртачу турпалхочун харачойн Зеламхан вастах лаьцна аьлча, хIинццалц кхечу яздархоша санна, и дуьненна гIараваьлла обарг веккъа цIена майра, тIахъаьлла, къармаза бекхамхо хилла хилар тIечIагIдина ца Iаш, кхузахь а цуьнан чоьхьара дуьне – психологи гайта ницкъ кхаьчна авторан. Iаламат нийса, ма-дарра гайтина оцу обарган заманахь Нохчийчохь а, ерриг Россехь а хIоьттина хилла долу реакционни хьал. Зеламха халкъан орцахо, гIийлачийн-мискачийн накъост хилла ца Iа романехь. Иза а ду-кх, кхидолу адамаш санна, Дала кхоьллина, шен дика а, ледара а агIонаш йолуш, гIалаташ долуш адам. Дерриг а чолхе даьллачу заманан хьийзарехь кхолламо декъаза кхаж баьккхина, шен оьмарехь синтемах, маршонах вохийна лелош волу». 

Iаламат мехала ю Айдамирова Абузара хIоттийна  нохч-гIалгIайн историн хронологи а. 1973 шарахь волавелла шина шарахь болх бина яздархочо цу тIехь. Оцу хьокъехь шен цхьана интервью тIехь автора дийцина: «1973 шарахь суна дагадеара Нохч-ГIалгIайчоьнан историн хронологи хIотто. ХIетахь Iилманца теллина шен истори йоцчу, шен исторически дIадахнарг ца хуучу халкъана иза довзийта, шен истори езийта, цунна тIе тидам бахийта, иза луучу къоначу нахана некъ гайта Iалашо яра сан… Шина шарахь сов къахьийгира ас и хронологи хIоттош. БIеннаш книгаш, газеташ, журналаш кегон дийзира. Роман язъярал хала бара и болх, амма, суна хетарехь, халкъана чIогIа оьшура иза». Автора шегара юкъадалийна хIума а доцуш, еккъа халкъан историн хронологех лаьтташ болу и болх а зорбанехь ара ца балийтина. Оьрсийн маттахь хIоттийна йолу и  «Хронология истории Чечено-Ингушетии» ялхийтта шарахь Iиллинчул тIаьхьа 1991 шарахь арахийцира 15 эзаран экземплярехь. 

Публицистикин жанрехь а дукха болх бина яздархочо. Цхьа бIе гергга публицистикин статьяш, очеркаш, интервьюш араевлла цуьнан периодически зорбанехь. Царна юкъахь ю къаьмнийн доттагIаллех, яздархойн декхарех, ненан мотт кхиорах, школехь ненан мотт а, оьрсийн мотт хьехарх,  вайн литературни кханенах лаьцна йолу произведенеш. Сиха йоьдучу замано кхийдош йолу проблемаш хIиттайора автора шен публицистикин статьяшкахь а, очеркашкахь а. Нохчийчохь 1990-чу шерашкахь бохамен хьал доладелча, адам вончух лардан гIерташ муьран зорбанехь кест-кеста арайовлура Айдамиров Абузаран статьяш, интервьюш. Масала, республикехь яккхий митингаш юьйлаелча, цара адам дикане дуьгур дац-кх аьлла хеташ, царна дуьхьал йоккха статья язйира цо. «Халкъан доьналлин хьоста» цIе йолу и статья зорбане елира 1990 шеран 11 апрелехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газетехь. «Мехк-кхиэл» ю аьлла цхьа хьаштдоцу юкъаралла вовшахтоьхча, оцу хьокъехь шена хетарг а, хила дезарг а яздира Айдамиров Абузара «Даймохк» газета тIехь 1992 шеран 24 апрелехь. Нохчийн йоза латиници тIе даккха гIерташ тохабелира республикин куьйгалхой, масех Iилманча шайна тIе а озийна, ерриг интеллигенци оцу гIуллакхана дуьхьал йоллушехь. 1992 шеран 24 февралехь арадаьллачу «Даймохк» газета тIехь яра нохчийн йозанан графика хийцарна дуьхьал язйина «Сихалла – бохаман накъост» цIе йолу яздархочун статья. Адамаша деш долу зуламаш, зенаш садевлича, хьарамлонаш йитина, хьанал гIуллакхашна тIедерзаре кхойкхура «Дала шен оьгIазлонах лардойла вай» статья тIехь («Даймохк». 1992. 5 май). Къам тайпанашка декъа гIертачарна дуьхьал язйинера «Со дуьхьал ву нохчийн бекъарна» («Даймохк». 1992. 16 янв.), «Тейповый интерес надо оставить» («МаслаIат». 1992. 23 авг.) цIерш йолу статьяш. Айдамиров Абузаран Iаламат чIогIа сагатдора Нохчийчохь хIоьттинчу чолхечу хьелаша, цара халкъана боккха бохам бахьар буйла хаьара цунна. Иза кхойкхура Iеламнахе, Iилманчашка, яздархошка къомана хьанал хиларе, пайдехьа хиларе: «Iеламстеган, Iилманчин, яздархочун хьекъал, Iилма эрна ду, нагахь санна цаьргахь оьздангалла, собар, доьналла дацахь, шайгара Iилма цара халкъан гIуллакхана, халкъана пайденна дIалуш дацахь. КIилло, ямарт, стешхачу стагана хьарам ду Iилма, ишттачу стагера Iилма адамашна. халкъана зуламе долу».

Нохчийн амалшкахь йолу ледарлонаш, сакхташ Iорадохуш, адамаш бохамех лардалийтаран Iалашо йолуш, 1994 шеран юьххьехь, «Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш»)     аьлла юкъара цIе а йолуш, очеркаш, статьяш арахеца волавелла Айдамиров Абузар «Даймохк», «Васт» газетийн агIонаш тIехь. Уьш масех шарахь арайийлина. И ериг статьяш гул а йина, 2003 шарахь царна зорбатоьхна «Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш)» цIе йолчу ша къаьстинчу книги тIехь. И книга автора леринера «нохчийн къоман ХХI бIешарахь тIейогIачу тIаьхьенна». Оцу дешнашца дIайолалуш яра иза. Къоман тIекхуьуш йолу тIахье дайша дилийтанчу гIалатех, цаьрга кхаьчнау бохамех  Iалашъяран лехамаш бара автора шена хьалха хIиттийнарш. Иштта тIе а ийцира книгашъешархоша гIиллакх-оьздангаллин, философски маьIна долу и болх.  

Поэта Цуруев Шарипа 2002 шарахь шегара интервью оьцуш «ТIекхуьучу тIаьхьенна пайдаэца, дагахь дита хIун эр дара ахь, вайн халкъо лайнарш хьесапе а оьцуш?» аьлла, хаттар дича, Айдамиров Абузара аьллера: «Нохчийн къоман исторех лаьцна сайна хетарг, хьекъал кхочург сайн исторически повесташкахь, романашкахь аьлла ас… ТIекхуьучу тIаьхьенна ас «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар» произведенеш юьту. ХIокху тIаьххьарчу итт шарахь Нохчийчохь хилларш тидаме а оьцуш, язбеш чекхбоккхуш шиъ болх бу сан – «Вайн амалш (сиркхонаш, къинош, лазамаш», «Связь времен: исторические корни трагедий чеченского народа».

Айдамиров Абузаран произведенеш ян а ю къаьсттина тIекхуьучу тIаьхьенна пайдехьа, къоман исторехь хилла дIадаханчу а, хиндолчу а  кIорггера ойлайойтуш. Адамийн хьекъална, кхетамна схьаэца шортта хIума ду царна тIехь.

Яздархочун 6 томах лаьтташ гулйина произведенеш оьрсийн маттахь арахецна 2004 – 2005 шерашкахь. Царна юкъахь ю: «Долгие ночи», «Молния в горах», «Буря» романаш, «Один день судьбы», «Калужский пленник» повесташ, «В день смерти сына» дийцар, «Хронолгия чеченской истории», «Избранные статьи и речи».      

Яздархочун цхьайолу книгаш Iаьрби матте а яьхна Иорданехь а арахецна: «Лаьмнийн  некъашкахула», «Вешин весет» (повесть «Маршонан цIарах»), «Еха буьйсанаш».

Айдамиров Абузаран башха кхолларалла нохчийн исбаьхьаллин литературин хазна хилла ца Iаш, адаман кхетам кхиорехь мехала ю.

Айдамиров Абузар кхелхина 2005 шеран 27 майхь Хьалха-Мартан гIалин больницехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча.

Нохчийн халкъан лерам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Айдамиров Абузаран цIарах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека, Соьлжа-ГIалин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун цIарах бу, школа ю. Иза винчу, даим ваьхначу юьртахь Мескетахь схьайиллина яздархочун музей. Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна конференцеш, горга стоьлаш дIахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, исторически романаш республикин школашкахь а, вузашкахь а Iамош ю.