• VTEM Image Show

Ирезиев Сайд-Хамзат Саид-Эминович, доцент кафедры чеченской филологии ФГБОУ ВО «Чеченский государственный университет».

НОХЧИЙН, Г1АЛГ1АЙН МЕТТАНАШКАХЬ А, НОХЧИЙН МЕТТАН ДИАЛЕКТАШКАХЬ А СХЬАДОВЛАЗЧУ ХАНДЕШНИЙН Х1ОТТАМЕХЬ ХЕНИНЙ КЕПАШ КХОЛЛАЛУШ МУКЪАЗЧУ АЬЗНИЙН Г1ЕЛДАЛАР

Аннотаци: Статья т1ехь йийцаре йохкуш ю нохчийн г1алг1айн меттанашкахь схьадовлазчу хандешнийн х1оттамехь хенийн кепаш кхоллалуш мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процессийн башхаллаш. Балха т1ехь даладо нохчийн, г1алг1айн меттанийн гергарчу бацойн меттан а, нохчийн меттан диалектийн а масалш. Статья т1ехь далийначу масалша гойтуш ма-хиллара, нохчийн литературни маттахь хандешнийн х1оттамехь хенийн кепаш кхоллалуш, г1алг1айн маттахьчул а шуьйро яьржина ю мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс. Хандешнийн хенийн кепаш кхоллалуш, мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс кхочушхилар бахьана долуш х1ара сурт х1утту (а+й→иē, уō←a+w(←б, д).

Маь1не дешнаш: мукъазчеран г1елдалар, хандош, грамматически классан гайтам, нохчийн мотт, г1алг1айн мотт, диалект.

REDUCTION OF VOWELS IN STRUCTURE OF DERIVATIVE VERBS IN CHECHEN, INGUSH AND CHECHEN DIALECTS WHEN FORMING THE TEMPORARY FORM

Ireziev Said-Khamzat Said-Eminovich, Associate Professor of the Chechen philology FGBOU VO "Chechen State University".

In article are considered particularities of the process of reduction of consonants in the steam of underivative verbs of Chechen and Ingush languages when forming the temporary forms in comparative-historical plan. Also there is given facts of relative batsbiyskiy language and Chechen dialects. The process of reduction of consonants in the steam of underivative verbs when forming the temporary forms is developed broader in the plane dialect of Chechen language than in Ingush language.As a result of the reduction of vowels in the formation of time forms, the following process is observed (а+й→иē, уō←a+w(←б, д).

Key words: reduction of consonants, verb, rate of grammatical class, Chechen language, Ingush language, dialect.

Хууш ма-хиллара, нахски меттанийн а, нохчийн меттан диалектийн а фонетикин проблемашна лерина 1аламат мехала 1илманан белхаш язбина г1арабевлла болчу 1илманчаша Ю.Д. Дешериевс, Д.Д. Мальсаговс, Д.С. Имнайшвилис, В.Д. Тимаевс, К. Т. Чрелашвилис, И.Г. Арсахановс, А.Г. Магомедовс, иштта д1а кхин а.

1илманчаша билгал ма-даккхара, нахски меттанашкахь а, нохчийн меттан диалекташкахь а шуьйра яьржина процесс ю мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс. [5].

Нахски меттанашкахь мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс хуьлу юьззина а, юьззина йоцу а.

Х1окху балха т1ехь оха, коьрта долчу декъана, йийцаре йохку нохчийн, г1алг1айн меттанийн схьадовлазчу хандешнийн х1оттамехь а, хенийн кепаш кхоллаяларехь а мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процессийн башхаллаш.

Нохчийн маттахь хандешан хьалха яханчу хенан кеп кхоллалуш, г1оьнан хандешан (дара) х1оттамера исторически хилла грамматически классан гайтам г1елбаларца «й» ло (д→й), ткъа яхана яьллачу хенан чаккхенгахь долу «а», «й» цхьаьнакхетаро деха ūло (а +й→ū кхин т1е а артикуляци хиларна →иē)

билг. кеп хâрцан

хьалха яхана х. хаьрциниēра←хаьрцин-ū-ра←хаьрцина+йра←хаьрцина-д-ара

билг. кеп хâржан

хьалха яхана х. хаьржиниēра←хаьржин-ū-ра←хаьржина+йра←хаьржина-д-ара

билг. кеп талхан

хьалха яхана х. телхиниēра←телхин-ū-ра←телхина+йра←телха-д-ара

билг. кеп тиēкхан

хьалха яхана х. тиекхниēра←тиекхн-ū-ра←тиекхна+йра←тиекхна-д-ара

билг. кеп латан                     

давнопр. вр. леттиēра←летт-ū-ра←тетта+йра←летта-д-ара

билг. кеп 1ахан

хьалха яхана х. 1аьхниēра←1аьхн-ū-ра←1аьхна+йра←1аьхна-д-ара

ГIалгIайн маттахь, аьккхийн диалектехь санна, гIоьнан хандешан д-ара хIоттамехь долу д-, хьалха яханчу хенан кеп кхоллалуш, гIелдалаларан процесс (редукци) ца хуьлуш, дуьсуш ду:

билг. кеп               харцан                           харжан               талхан

хьалха яхана х.    хаьрцадар                    хержадар            телхадар

билг. кеп              лата                               1аха

хьалха яхана х. летадар                           1ехадар

Дуста аьккх. диал.: билг. кеп дадан – хьалха яхана х. дедан-д-ара

Ю.Д. Дешериевс шен «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» ц1е йолчу балха т1ехь яздо: «Следствие выпадения конечного согласного в глагольных формах образуются долгие дифтонги диē «делай», луō «дай» [1].

Амма тхуна хетарехь, далийначу масалшкахь йолу дифтонгаш кхоллаяларан некъ кхин бу. Оцу хандешнийн х1оттамехь йолу еха дифтонгаш иē, уō кхоллаелла мукъаза аз «б» г1елдаларца кхолладелла сонант «w», «й» б (→w→й) ширачу лардехь хиллачу мукъачу «а» озаца цхьаьнакхетар бахьана долуш (а+й←w(←б)→ū→иē, уō←a+w(←б)). Цунна тоьшалла до бацойн маттахь йисина йолчу хьалхалерчу (шира) форманаша. Масала:

нохч. м., г1алг1. м.

бац. м.

 диē «делай»←да+й←даw←даб

 деб

 нохч. м. луō «дай»←лоw←лаw←лаб

 инг. лиē «дай»←лай←лаw←лаб

 либ

 лиē «говори» ←лай←лаw

 леw←лаw

 г1уō «иди»←г1оw←г1аw←г1аб

 г1об←г1аб

 хьуō «унеси»←хьоw←хьаw←хьаб

 хьоб←хьаб

Цул сов, аьккхийн диалектехь а йисина оцу хандешнийн мелла а шира форманаш: леw «дай», г1уw «иди».

Ширачу лардехь хилла мукъа аз «а» вайна гучудолу лакхахь вай далийначу хандешнийн билгалзачу кепашкахь. Дуста:

билгалза кеп                                    т1едожоран саттаман хандош.

да-лан«дать»                                    луō «дай»

ва-хан «поехать» (х→г1)                   г1уō «иди»

да-хьан«унести»                               хьуō «унеси»

дуста иштта нохч. мотт: ган←гадан «видеть»

диалекташкахь: гуōн←гаwан←гадан

бацойн маттахь: гадан

нохчийн, г1алг1айн меттанашкахь: 1иен «побудь»

аьккхийн диалектехь: 1еw

Г1алг1айн маттахь хандешнийн яхана яьллачу хенан а, хьалха яханчу хенан а кепаш кхоллалуш, -ина аффиксан х1оттамера -на-, юьззина редукци хилар бахьана долуш, охьадужу. Ткъа и тайпа г1елдаларан процесс нохчийн маттахь а я нохчийн меттан диалекташкахь а карош яц, хандешнийн хенинй кепаш кхоллалуш:

нохч. м.                                                              г1алг1. м.

билг. кеп къāган «блестеть»                               къāга

яхана яьлла х. къēгина←къāг-и-на                    къāьга-д←къāг-и-на-д

хьалха яхана х. къēгиниēра←къāг-и-ниēра       къāьгадар←къāг-и-на-дар

билг. кеп кхâллан «закусить»                              кхалла

яхана яьлла х. кхаьллина←кхâлл-и-на              кхаьлла-д←кхалл-и-на-д


хьалха яхана х. кхаьллиниēра←кхâлл -и-ниēра  кхаьлладар←кхалл-и-на-да


билг. кеп дāган «гореть»                                      дāга

яхана яьлла х.  даьгна←дāг-и-на                        дāьга-д←дāг-и-на-д


хьалха яхана х. даьгниēра←дāг-и-ниēра            дāьгадар←дāг-и-на-дар


билг. кеп ъāтан «крошить»                                   ъāта

яхана яьлла х.  ъаьтта←ъāт-и-на                        ъāьта-д←ъāт-и-на-д

хьалха яхана х. ъаьттиēра←ъāт-и-ниēра            ъāьтадар←ъāт-и-на-дар

Далийначу масалшкахь вайна гуш ма-хиллара, г1алг1айн маттахь, аьккхийн диалектехь санна, хандешнийн яхана яьллачу хенан кепан чаккхенгахь (ауслаут) грамматически классан гайтам болуш бу, ткъа нохчийн маттахь, цхьа лар йоцуш байна.

Цу т1е доьг1на шена т1е тидам бохуьйтуш ю орстхойн говорехь, хандешнийн яхана яьллачу хенан кепийн чаккхенгара грамматически классан гайтам г1елбалар бахьана долуш юьсуш йолу лараш. М.Р. Овхадовс  билгалдаьккхина ма-хиллара, и тайпа башхалла цхьана орстхойн говорехь бен яц, оцу башхалло къаста а йо орстхойн говор нахски меттанех а, нохчийн меттан кхечу диалектех а [3].

Нагахь санна вуьйцуш верг боьрша стаг велахь, орстхойн говорехь хандешан яхана яьллачу хенан чаккхенгахь деха ӯ хуьлу, нагахь санна юьйцуш ерг зуда ялахь, деха ūхуьлу.

нохч. м. велла «умер»←вел+на←валина-ву     

г1алг1. м.  веннав←вел+на←валина-ва   

аьккх. диал. велнув←велнув←валина+в←валина-ва  

орст. г. веллỹ←велнуw←велнув←валина-в←валина-ва


нохч. м. йелла «умерла»←йел+на←йалина-йу  

г1алг1. м.  йеннай←йел+на←йалина-йа  

акк. диал. йелнū←йелнай←йалина+й←йалина-йа     

орст. г. йеллū←йелний←йалина+й←йалина-йа

Вай далийначу масалша гойтуш ма-хиллара, нохчийн маттахь яхана яьллачу хенан чаккхенгахь исторически хилла грамматически классан гайтам, лар йоцуш, бов (юьззина редукци).

Ткъа орстхойн говорехь хандешнийн чаккхенгахь долу деха ӯ исторически шен схьадалар грамматически классан гайтам «в» (божарийн классан гайтам) г1елбаларца кхолладелла сонант «w», мукъа аз «а» цхьаьнакхетарца доьзна ду(ӯ←уw←а+ w(←в), ткъа деха ū грамматически классан гайтам «й» мукъачу озаца цхьаьнакхетар бахьана долуш кхоллало (а+й→ū).Оцу тайпа аьзнийн хийцадалар нахски меттанийн ц1ердешнийн а, хандешнийн а х1оттамехь хуьлучу фонетически процессийн законех цхьаъ ду. Дуста:чнохч. м. тӯсан «ковать»; г1алг1. м. туwса; ц1ердешнашкахь нохч. м. гỹ «холм, курган»; г1алг1. м. гуw; нохч. м. шỹ «холм, возвышенность»; г1алг1. м. шуw.

Нохчийн, г1алг1айн меттанашкахь хандешнийн лардера мукъаза аьзнаш, г1елдаларца охьаэгар бахьана долуш, ши «а», ул-уллохь нислой, деха ā кхоллало. Цунна тоьшалла до бацойн меттан а, аьккхинй диалектан а масалша:

тāн«мириться»←та+а←таган

лāн«терпеть»←ла+а←лаwан (аькк. диал.)

дāн«увидеть»←да+а←даган

хьāн«тронуться»←хьа+а←хьаwан

дуст бац. м. таган, даган; аькк. д. таwан, лаwан

Г1алг1айн маттахь а, нохчийн меттан цхьайолчу диалекташкахь а (шот, итум, мелх.) хандешнийн билгалзачу кепан лардехь кхочушхуьлу мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс:

нохч. м.                                            г1алг1. м.                   нохч. диал.

билг. кеп хаъан «знать»                   хā←ха+а←хаъа          хāн←ха+а←хаъа

билг. кеп лаъан «хотеть, желать»    лā←ла+а←лаъа          лāн←ла+а←лаъа

1а1ан «накопиться»                        1ā←1а+а←1а1а

кхиъан «успеть»                             киē←кхи+а←кхиъа     киēн←кхи+а←кхиъа

Нохчийн, г1алг1айн меттанашкахь а, нохчийн меттан диалекташкахь а цхьадолчу хандешнийн х1оттамера грамматически классан гайтамамш (шена т1аьхьадог1учу мукъачу озаца цхьаьна) г1елбаларца охьаэга (юьззина редукци) карарчу хенан тобанан кепаш (карара хан, ихна хан, карарчу хенан причасти, карарчу хенан деепричасти) кхоллалуш. Масала:

Карарчу хенан тобанан кепаш

нохч. м.                                                             г1алг1. м.

билг. кеп д (й, б, в)-алан «дать»                        д(й, б, в)ала

кар. х. луо                                                           луо (лу)

ихна х. луōра                                                      луōра

кар. хенан прич. лун                                           лу

кар. хенан дееприч.луш                                     лушш

билг. кеп д(й, б, в)-ахьан «нести»                       д(й, б, в)-ахьа

кар. х. хьуо                                                          хьу (хьуо)

ихна х. хьуōра                                                     хьуōра

кар. хенан прич. хьуон                                         хьу

кар. хенан дееприч.хьуош                                   хьуш

билг. кеп д(й, б, в)-алан «умереть»                   д(й, б, в)-ала

кар. х. лие                                                           лие

ихна х. лиēра                                                       лиер

кар. хенан прич. лиен                                           лие

кар. хенан дееприч.лиеш                                    лиеш

Яханчу хенан тобанан кепаш (х1инц яхана хан, гуш яхана хан, яхана яьлла хан, хьалха яхана хан) кхоллалуш, грамматически классан гайтамаш буьсуш бу.

 

Яханчу хенан тобанан кепаш

нохч. м.                                                          г1алг1. м.

билг. кеп д(й, б, в)-алан «дать»                       д(й, б, в)-ала

х1инц ях. х.  делин←дал-ин                                       ------

гуш. ях. х.  делира←дал-и-ра                          делар←дал-и-ра

яхана яьлла х. делла←дал-и-на                     деннад←дал-и-на-д


хьалха яхана х. деллиēра←дал-и-ниēра         денна-д-ар←дал-и-на-д-ар 


билг. кеп д(й, б, в)-ахьан «нести»                   д(й, б, в)-ахьа

х1инц ях. х. даьхьин←дахь-ин                                ------

гуш. ях. х. даьхьира←дахь-и-ра                      даьхьар←дахь-и-р

яхана яьлла х. даьхьна←дахь-и-на                 даьхьад←дахь-и-на-д

хьалха яхана х. даьхьниēра←дахь-и-ниēра даьхьа-д-ар←дахь-и-на-д-ар

Билгалдаккха деза, нагахь санна хандош дахьан «не бояться» бохучу маь1нехь хилахь, хенийн кепаш кхоллалуш, грамматически классан гайтам буьсуш бу:

карарчу хенан тобанан кепаш                    яханчу хенан тобанан кепаш

билг. кеп дахьан «не бояться»                    билг. кеп дахьан «не бояться»

кар. х. даьхьа←дахь-е                                т.ч.прош. вр. даьхьин←дахь-ин

ихна х. даьхьара←дахь-е-ра                       прош.очев. вр. даьхьира←дахь-и-ра

кар. хенан прич. даьхьан←дахь-ен             яхана яьлла х. даьхьна←дахь-и-на

кар. хенан дееприч.даьхьаш←дахь-е-ш      хьалха ях.х. даьхьниēра←дахь-и-ниēра

Дуста: билг. кеп дахьан «нести»

кар. х. хьуо←хьа+у

Нохчийн, г1алг1айн меттанашкахь масех хандош ду хенийн кепаш кхоллалуш, г1елделла муъкза аз меттах1уттуш:

нохч. м.                                                                г1алг1. м.

билг. кеп дāн←дахьан «принести»                      дā←дахьа

кар. х. дохьу //дахьа←дахь-у                               дахь←дахь-у

ихна х. дохьура←дахь-у-ра                                  дахьар←дахь-у-р

кар. хенан прич. дохьун←дахь-ун                        дахьа←дахь-у

кар. хенан дееприч.дохьуш←дахь-у-ш                дахьаш←дахь-у-ш

 

билг. кеп дāн←дāг1ан «прийти»                          дā←дāг1а

кар. х. дог1у←дāг1-у (в диалектах)                     даг1//доаг1а←дāг1-у

ихна х. дōг1ура←дāг1у-ра                                   даг1ар←дāг1у-ра

кар. хенан прич. дōг1ун←дāг1-ун                       даг1а←дāг1-у

кар. хенан дееприч.дōг1уш←дāг1-у-ш               даг1аш←дāг1-у-ш

 

нохч. м.                                                                г1алг1. м.

билг. кеп дāн «принести», «прийти»                   дā←дахьа

х1инц ях. х. диеъа                                                -----

гуш. ях. х. диеъара                                               диер←да+ир

яхана яьлла х. диеъана                                       диенад←да+и-над

хьалха яхана х. диеъаниера                               диенадар←да+и-надар

Дустаран-сторически анализо гойтуш ма-хиллара, нохчийн, г1алг1айн меттанашкахь а, нохчийн меттан диалекташкахь а хандешнийн х1оттамехь а, хенийн кепаш кхоллаяларехь а мукъазчу аьзнийн г1елдаларан процесс кхочушхиларехь башхаллаш ю. Тхуна хетарехь, нохчийн литературни маттахьчул а, г1алг1айн маттахь а, нохчийн меттан диалекташкахь а (коьрта долчу декъана аьккхийн диалектехь) мелла а шира форманаш йисина.

Литература

1. Дешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. – Грозный, 1963. – С. 303.

2.  А.Г. Мациев. Чеченско-русский словарь. – Москва, 2000.

3. М.Р. Овхадов. Основные особенности орстхойского глагола // Материалы Всероссийской научно-практической конференции, посвященной Дню чеченского языка (29-30 апреля 2011г.) Грозный, 2012. – C. 25-27.

4. Оздоев И.А., Мациев А.Г., Джамалханов З.Д. Г1алг1ай-нохчий-эрсий словарь. – Грозный, 1962.

5. Тимаев А.Д. Чеченский язык. Фонетика. – Грозный, 2011. – С. 140-143.

6. Тимаев А.Д. Категория грамматических классов в нахских языках. –  Ростов-на-Дону, 1983. – С. 181-187.